Саид бадуев стих

PDFПечатьE-mail

Обновлено 28.10.2013 11:51 Автор: Administrator 28.10.2013 11:39

 

                                Бешто

 

                                                                  I

 

Яьлла лаьтташ бIаьсте а яра. Стигал дошан басахь тхов бина кхозура. Юькъачу хьаннех а дуьзна лаьттачу дехачу баьццарчу аьрцнаш кIел кешнаш гора, гонахара керт нийсса ах охьа а кхетта. Цу кертара чарташ тIелата кечдинчу эскарх тера дара, цу чарташна нийсса хьалха, сехьахьа, кертана сов генадоцуш, ахдахка а делла, лаьтташ цхьа дечган лоха чурт гора. И чурт ширдаларна агIордаьллера. Цу чуртан ширачу борза тIе берталвоьжна цхьа стаг Iуьллура.

Иза вара ерриге эттIа ал гIовтал а юьйхина, тIехула гатанан доьхка а дихкина, лекха Iаьржа куй а болуш. И стаг Iуьллура белшаш а кхийсалуш. Цуьнан кхийсалучу белшех, иза воьлхуш Iуьллу, я иза иштта белшаш кхийсалуш висина ву, ала хала дара. Цо боху хезара, шен корта хьала а кхуьйсуш:

– Баба!.. Бешто хьерваьлла!.. ХIумма а дац, Баба, Бешто хьерваьлла!.. Ваьлча хIун ду Бешто хьер?.. Баьхча хIун ду наха, Бешто хьерваьлла?.. Бештона шен дагна, шен дегIана хилларг шена хууш хилчахьана. Бахийта!.. ХIумма а зен ца хуьлу цхьанне а, Бешто хьерваларх. И талхарх, цунна тIаьхьавелха цхьа а вац… Амма, и хьерваьлча, хIара дуьне хIун ю ца хууш, и телхича, са дIа а даьлла и висича, цунна атта-м дара. ТIаккха… и паргIатвер вара…

 

Иза меллаша ирахIоьттира. Шен хих буьзна бIаьргаш а цIанбеш, цо элира:

– Баба! Кестта цхьаьнакхетар ду хьуна вай… Баба! Кестта цхьаьна хир ду хьуна вай, – аьлла, корта а оллийна, иза меллаша волавелира. ТIаккха цу кошана сехьа, бархI-бархI гIулч гено баьццарчу басарца кечдина лаьттачу ширачу чуьрта тIе а веана, цунах дай-й куьг а хьаькхна, цунах ах чу а бахана лаьттачу ширачу борза тIе бертал а воьжна Iуьллучохь цо элира:

– Бусана!.. ХIумма а дац хьуна, Бусана, хIокху Iаьржачу лаьттан кийрахь хьо ялларх. ХIумма а дац хьуна, Бусана, кху лаьттан букъа тIехь, Бешто санна гIайгIанан хIорда юккъехь хьо йисина ца хилчахьана. Бен ма хетахьа, Бусана! Хилахьа паргIат, хьо паргIатонан кийрахь хилча. Вай-м кестта цхьаьна хир дай. Вай-м, цкъа мацца кхетта а, цхьаьна ца кхетча йиш яций…

Гора а хIутташ, иза хьалаайавелча, цуьнан къаьрзина бIаьргаш гучудевлира, уьш мелачу хих а буьзна, кхохкабелла бара. Цуьнан къаьсташ, ца къаьсташ хебаршка ихинчу яьллачу беснеш тIехула охьахьада меттиг а ца хилла, цунна ихина хи, мера улдIашха тачанаш а хIиттош, охьаихнера. Цуьнан юькъа еха яьллачу Iаьржачу можах ала мегар дара, иза ханна кхузткъе итт шо кхаьчна ву. Амма цуьнан жимачу, къоначу сибато цуьнан, шовзткъа шо делахь, кхин доций-м хоуьйтура.

Иза, цу борза тIера баьццара буц дIаса а хьоькхуш, юха а вистхилира:

– Нагахь Бешто телхина вагIахь а, хьуна хууш ду-кх, иза хIунда телхина, хьуна хууш ду-кх, иза хIун Iадат бахьанехь телхина… Бештона хаьа-кх, Бусана! Хьуна санна, хаьа-кх Бештона а, хьо мича бахьанина хIаллакьхилла… Хаьа, ца хууш делара… ма хезна делара… – аьлла, велхаран мохь а болуш, иза юха а цу ширачу борза тIе юькъа, лекха яьллачу баьццарчу бецан маравахара.

Бешто мила ву, ас дуьйцу хьуна, ахь ладогIа, дешархо!

 

                                                                  II

 

 И дара нийсса пхийтта шо хьалха.

Малх, шерачу арара жима юрт сарралц дешица а кхелина, хIинца сарахь цу юьртана генайоцчу баьццарчу бархатан регIа тIехьа чубузуш лаьттара; цуьнан, цIен дари санна, гуш болу гуо, богучу малхе даьккхина цIен ангали санна, лепара. Цо шен лепарца кху юьртан цхьа агIо цIийбинера.

Кху юьрта йистера жимочу тишачу бахаман да ткъе пхиъ шо кхаьчна Бешто, шен гIеххьа расха дин, уьйтIарчу гоьзанах тесна, цIан а бина, шайн кетIахула, хьеран апарехула санна, хьаьдда охьадогIу татол а малийна, и дин шайн ханнийн божал чу бигина дIа а Iалашбина, шайн лоха мокхачу цIенойх аьтту агIорчу цIа чу вахара. И цIа гIеххьа доккха дара. Цу чохь, мокхачу цIенкъарчу истанга тIе мотт а биллина, цомгаш Iуьллуш Бештон нана РакаIат яра. Цуьнан юьхь иръеллера; цуьнан бIаьргаш вуьшта болчул а баккхий хиллера; цуьнан бос ширделлачу ахьарал мокха бара.

Бештос, ша чуваьлча:

– Баба, муха ю хьо? – хаьттира.

– Иштта дIа ю-кх, Бешто, – аьлла, РакаIат шен шуьйрачу бетан декъа ши балда цIубдира. Бешто, меллаша товхана юххехь лаьттачу кхийрачу боганаш тIе а веана, цхьа кхийра кад схьаэцна, цу чу шура а йоьттина, сискал схьаэцна, цунах жимма яьккхина, дуьйраш санна, отуш, шури чу а кагйина, РакаIатана юххе а вахана, чучча когаш бохкуш охьа а хиъна, вистхилира:

– Баба, хьан хIума кхоллу хан-м хилла хьуна, жимма кхоллий ахь?

ТIаккха, РакаIата шена дуьхьало ца йича, цунна и яо волавелира.

Ша шура йиъна яьлча, РакаIат йистхилира:

– Бешто!

– ХIун бах ахь, Баба?

– Бешто! Вайшиъ кхин доьзалхо, кхин да воцуш цхьа ши стаг ду, цул совнаха, со цамгаро лаьцна а ю. Хьо стаг вац а, хьоьга хьуна езза зуда йогIур яц а-м ца боху ас, делахь а, наха, хьо хIинца тIехьийзаш волу Бусана, ша хьалдолчу нехан хиларе терра, хьоьга йогIур а яц, цо хьо ле а во, бохуш, дуьйцу-кх соьга. Нагахь йогIурйолуш елахь, и ялаяй а, кхин ялаяй а, сан бIаьрг хьожуш боллушехь, цхьа зуда ялаехьа. Хьан да дIаиккхичахьана, кхин дика суна дайна а дацара. ХIинца со ялале, хьуо вайн цIен тIе воьрзуш гайтахьа суна, – РакаIатан бIаьргех хи хьаьдира.

Охьа а таьIна, ладоьгIуш Iен Бешто, шен жимачу юьхьа тIера таьIна-ал ши бIаьрг горгбеш, жимма ойла а йина, вистхилира:

– Баба, ахь суна бехк а ма билла, ахьа, хьайн со цхьаъ бен кхин доьзалхо цахиларе терра, хьайца эвхьазваккхарна, со хьоьца эвхьаза ву. Наха, соьга Бусана йогIур яц, цо со лево, бохуш, иза а дуьйцуш хир ду. Сох нах а буьйлу хир бу, со лакха кхоссавелла, бохуш… Кхин цхьаъ-м ду хьуна, Баба: Бусанина хIун пайда хуьлу, со леварх, со кхаа шарахь шена тIехьийзаварх? Баба, цо со шена веза а боху, и мелла делахь, бакъ а ду… Амма, хьуна а цунах хало хиларна, Баба, тахана ас цу гIуллакхан цхьа йист-м йоккхур ю, – Бешто, жимма кхечу  тIера лаьцна къамел деш, РакаIатан са а тедина, пенах доллучу къорзачу истанга тIехула кхозу шен Iаьржа кечйина гIама схьа а эцна, суьйрана Бусанина хийисте ваха аравелира.

 

                                                                  III

 

Кху юьртан тогIи чухула догIучу хин шина басахь наггахь лаьттачу цIенойн туьнкалгашкахула ирхбуьйлуш кIур а ца гора. КIур бан-м бара ирхъоьхуш, амма иза керташкахь йогучу кхеллех я товханех-м буьйлу ала мегар дара, яьлла лаьтташ бIаьсте хиларна. Цу цIеношна хьалхарчу акхтаргаш тIехь а, дитташ тIехь а суьйрана декачу олхазарийн гIовгIанаш яра хезаш. Кху хина пурх шина а агIор тIебогIучу новкъахула кегийчу наха, хитIа а кхуьйлуш, шайн дой суьйрана чудерзо чехкка цIа кхуьйлура. Царех цхьаболу кегий нах, кегийчу берашка шайн дой цIа а кхуьйлуьйтуш, хийистехь а соьцура. Уьш боцурш кхин дуккха а нах кху хитIа баьхкина бара, хIинцца хитIа оьхуш дуккха а мехкарий хиларна. Цу зудаберашца кегийчу наха, куьйгаш а туьйсуш, маьI-маьIIехь къамелаш дора. Церан дешнашна дуьхьало ца еш, церан массо а дашна дуьхьал там беш, зудабераш, чIогIа царех са а къералуш, гIадъоьхуш, доьлура. Цу зудаберийн чамеш кIудалех детталуш, цIестан гIовгIанаш а яра хезаш. Кху юьрта юккъехула чекх а буьйлуш, хина дехьий-сехьий оьхучу кегийчу наха, цу зудаберашна тIекхаьчча, шайн дой тIетуьйсуш, еттачу шодмийн татанаша хин йист наг-наггахь екайора. Цу хьешийн дешнашна а зудабераша дуьхьало ца йора. Царех цхьаммо: «ЙоI, йолахьа соьга маре» аьлча, йоIа, шена иза дуьххьара гуш воллушехь: «Дера, йогIур ю-кх со-м», – олура. И зудабераш, шайн къамелаш ца хадош, меллаша хих кIудалш а юзий, юхадахка, чехкка цIа оьхура. Уьш цIа а ихина, шаьш бисича, кегийчу нахах наггахьволчо олура: «Дала хIун боху-м ца хаьа, бакъду, и жима кIорни нахе далийта безам бац сан». Цул тIаьхьа кхечо олура: «Вешан дагахь долу зудабераш вайна кхачо бен, вай цу Дала кхоьллина а дац, шек ма довлалаш, кIентий». Иштта шайн жималлех сакъералуш болу и кегий нах, цу дешнех синкъерам болий, гIадъоьхуш, куьйгаш вовшах а детташ, буьйлура.

Зудабераша хи оьцучуьра хина тиллинчу жимачу тIайна генадоццуш хи тIе а дерзийна лаьтташ, кIайн кир а тоьхна, гобаьккхина йина чIогIа аннийн керт а йолуш, цхьа дика цIенош дара, кертахь лаьттачу кIа оручу машинан ирхъяхана Iаьржа, еха топ а гуш.

ХитIара мехкарий а, кегий нах а шайн-шайн цIабирзинчул тIаьхьа, цу бахаман диллина лаьттачу жимачу ринжехула, кIайн духар а дуьйхина, Бусана араелира. Цуьнан пхьаьрсах тесна цIестан кIудал яра, аьтту буйнахь цIестан чами а бара. Бусанас, ша ринжах ара ма-елли, шен горгачу юьхьа тIера Iаьржа ши бIаьрг дIасахьажийра. Цу бIаьргех вуно атта хуур дара, цо шен цхьа безам болу стаг лоьхийла. Бусанин цIеххьана бIаьргкхийтира, юкъ хецна Iаьржа гIовтал а юьйхина, карахь гIама а йолуш, вогIучу Бештох. Бешто шена гучуваьлчахьана, хIара цкъацкъа елалой, кхуьнан кегий цергаш гучуйовлура, иза шена дукхавезарна, тIаккха цIеххьана, шена хилла цатам дагабогIий делахь а, кхуьнан юьхь, цкъа а ца елаелча санна, елаяла хаъане а ца хууш санна, кхулура. Бусана, корта а оллийна, меллаша йогIура хитIа. Иза, экхан дилхахь а йолуш, дегIана лекхо стаг яра, хана берхIитта шо хирдолуш. Цуьнан сибатах а, иза эсала, догцIена стаг юйла хаарал совнаха, цунна цхьа цатам хиллий хуур дара. Цуьнан когарчу баьццарчу кIархаш тIехула юьйхина ши пошмакх цо, лергех кхозу дашо хьалкханаш гойтуш, тIехьа дихкинчу бекистан йовлакхца цIоьлла къуьйсуш санна яра. Цуьнан когара кIайн ши пазат цуьнан еха коч санна кIайн а яцара. Ойлаеш, еана, ша хийисте кхаьчча, Бусана, шен кIудал охьа а хIоттош, шена тIекхачча воллучу Бештога хьаьжира. Кхунна шена болу цатам цIеххьана бицбелира, хIинццалц а шена ма-хеттара, хIинца а Бешто вогIуш чIогIа хазахетарна. ХIара елакъажарна кхуьнан цIечу беснеш тIе кегий кIаьгнаш хIиттинера.

Бешто, тIехь чоий, гIовтал цхьаьна долуш вацахь а, куц долуш стаг вара, муьлххачу а йоIана везалучу кепара дегI а долуш, массаьрца а велавелла а волуш, зудаберашна, дийцича, тамхуьлу хабар шеца чIогIа а долуш. Къаьсттана хIара зудабераша везаран бахьана хIара нахаца тIекере чIогIа йолуш хиларрий, хIоранна там бан хууш хиларрий, лаца йогIучохь чIогIа яхь лоцуш хиларрий дара.

Бештос, ша Бусанина тIекхаьчча, вела а къежаш, цхьа куьг хаьн тIе а хIоттош, элира:

– Суьйре дика хуьлда хьан, Бусана!

– Далла воьзийла хьо а, – аьлла, Бусана, шен сибатца шена и везар хоуьйтуш, дIахIоьттира.

– Бусана! – аьлла, Бешто юха а вистхилира.

– ХIун бах ахь? – аьлла, Бусана йолчу тIе а елаелира.

– Ас хьайга аьллачуьнан ойла йиний ахь?

– Стенна бах ахь, ва Бешто? – аьлла, Бусанас шен деха охьадеана Iаьржа гиччо лергал тIехьа тесча, Бешто: – давала-кх хьо дуьненан! – олуш, шен карахь ловзо гIама жагIана тIе а язъеш, оьгIаз а вахна, дIахIоьттира.

– Хьуна хIун хилла? Ахь хIун до? Хьо тахана ма оьгIазе ву? – аьлла, Бусана леррина Бештога хьаьжира.

– Суна бахий ахь? – олуш, Бештос, шен тIе чо а балаза Iаьржачу аматехь йогу юьхьа тIе дайн куьг а хьаькхна, къамел дIадолийра:

– Ахь цадинарг суна хилла хIумма а дац… Бусана! Тахна сан хьо йолчу вар хIокху кхаа шарахь айса хьоьга лебинчу меттан муьлххачу а цхьана агIор йистъяккха дагахь ду-кх… Бусана! ДагадогIий хьуна, дуьххьара вайшиъ вовшийн гича, «со къен стаг а ву, вайшиннан гIуллакх вовшашца дика а догIур дац, наггахь соьга са а къерий, IадъIехьа» ас хьайга аьлча, «суна хьан даьхни хьашт дац, сайна дукхавезавелла хьо сайна хилчахьана», – айхьа соь аьлла? Ахь и аьллашехь, сайн ницкъ хууш, со юхаийзавелча а, «тIехьийзачуьра сеца ма сеца, со, мацца еана а, хьоьга йогIуш ю» ала, бохуш, тахханналц айхьа суна тIе зударий лехкар дицделлий хьуна? Ахь сайга, «едда йола ца олуш, сан дега ехийтахьа со» аьлча, ас, молланаш, хьажой вовшах а тоьхна, шена тIе уьш бахкийтича, хьан дас, со къен стаг хиларна, хьо соь цаялар хаьий хьуна, Бусана? – аьлла, Бешто вистхилча, хьалхе дуьйна а тайп-тайпана хийцалуш лаьттачу Бусанин бос дикка байра. Бештос шен къамел юха а дIадолийра:

– Бусана! Хьо чIогIа езарна, сайн къечу цIен тIехь дечу гIуллакхах а ваьлла, дийнахь деш а доцуш, буьйсана наб а йоцуш, корта хьере а хилла, кегийчу нахаца йолчу уьйрах а хаьдда лела-кх со. Ахь айхьа хьуо дукха сайна хьашт хилийтарна, дийнахь сарралц  тхешан бешарчу стоьмийн дитташ кIел а вуьжий, хилла кхозучу стоьмашка хIоранге а бохург санна сайн кийра хьо езар бахьана долуш гулъелла гIагIа ялхайо-кх ас… ТIаккха суьйрана, хIинца санна, хьо йолчу вогIий, хьуна а воьлхий, буьйсанан заманчохь стиглахь лепаш кхозучу седарчашка хIоранге бохург санна сайн хьоьгахь болу безам буьйцур-кх ас, хьоьга сайн гIайгIа ялхаяр цаьрга доьхуш. Бакъ ма ду, Бусана, куьг мел говза хиларх, къолам мел шера хиларх, суна хьо дукхаезар цхьаьнгге а язлург цахилар. Хьо езар алсамдуьйлуш, сан дегах хьерчаш лаьтта элпаш, йоккхачу юьртахь дуьстинчу кехат тIе мел говзачу стага йозанца вовшахтийсарх, тарлур ма дацара. Яраббий, хIай сан жима Бусана, оццул чIогIа суна хьо езаш хилча, ма вехьа со хIаллак! ХIокху кхаа шарахь сан наха вийцар тоьар дара-кх!..Со вайн юьрта юккъехула волавелча, маьI-маьIнехь пхьоьгIанаш а йина лаьтта нах, «вайн кIант лакхо-м кхоссавелла» бохуш, сох бийлар тоьар дара-кх! Бусана!.. Дехьа ас бохург, ерзаехьа айхьа сан дагна йина чов! Лоьраша шаьш а йина-х ца ерзайой дархочун чов? Цара-х, шайн хIумма а бехк боццушехь, бо дархочух къинхетам… Бусана! Хьо йоцург, кхин яц-кх сан дагна чевнаш йинарг. Бусана, хьо йоцург, кхин лор вац-кх сан чевнаш ерзо. Шайн бехк болуш санна, бехкала боьлхий хьаьвзачу лоьрашка ла а догIий, бехьа сох къинхетам!.. ДогIахьа жимма соьга ла! – аьлла, цкъа соцунгIа хилла, дIасахьаьжна Бешто, гIелъелла корта а оллийна, чIогIа ладоьгIуш лаьтта Бусана а яйна, шена хилла ницкъ ца лайна делахь а, оьгIаз а вахана, юха а вистхилира:

– Хьо соь йогIурйолуш елахь, тховса-кхана едда маре ян хан йилла еза ахь. И ахь ца дахь, кхидIа хьуна тIехьийза ца лаьа суна, хIунда, сайна хьо дукхаезарх вайшиннах цхьанна цхьа бохам бер бу сайна моттадаларна… Бусана! Тохара юьхьанца, ойла йиний ахь, аьлла, ас хьоьга хаьттинарг и хан йилларан гIуллакх дара. Ас хьуна ойла ян делла кхо де дIа а даьлла, хIинца ахь суна тIаьххьара жоп дала а деза-кх, – аьлла, Бешто сецира. Бусана, шен бIаьргех оьху хин тIадамаш шен коьртарчу цIечу йовлакхан тIомаца дIа а дохуш, йистхилира:

– Бешто, суна хьо мел веза, ас ца дийцича а, хьуна хьайна хаьа-кх. Бакъ ду-кх, хьох яьлча, суна кху дуьненах чам кхетарг цахилар; ма сихлохьа, Бешто, ма яккхахьа со хьайх, тахана тIаьххьара жоп а дехий! Дехьа жимма собар! – аьлла, Бусана, шен елхар Бештона ца хаийта гIерташ, хала къурдаш дан юьйлира. Бешто юха а вистхилира:

– Бусана, нах сайх белар со кхидIа лалурдолуш вац… со кхидIа нахе сайна тIе пIелгаш хьежадойтуш вац. Хьайна луъург дан хьан карахь ду-кх хIара, резавацахь а, ахь динчунна реза ву со, хьайна луъург де-кх…

Жимачу кийрахь ша Iуьллучу Бусанина бIаьргех оьху хи чехка эга доладелира. Иза сихдинна и хиш дIа а дохуш, даккхий къурдаш а деш, меллаша йистхилира:

– Бешто, хIокху дуьненахь уггар боккха бала боьссинчу коьртехь долу хьал сан коьрте догIийла, харцдерг ас хьоьга дуьйцур делахь… Сайна хьо чIогIа  везарна цхьана дикане сатуьйсуш, хIинццалц хьоьга дIа ца хоуьйтуш, IадIийнера со… Бешто, вайшинна юккъе чIогIа вон доьлла-кх, – аьллачу Бусанас корта оллийра.

– ХIун ду иза? ХIун ду вайшинна юкъадолаза дисина, суна ца а хууш?.. Дийцал, Бусана, и хIун ду.

– Со-м хьастаха ахь аьлча а, хIинца а и гIуллакх бахьанехь Iарий Iад, хьуна хан ца юьллуш. Со-м хьоьга ян ца луушший, хьо ца везашший ца Iарий.

– ХIун ду и? Схьадийцахьа.

– Ахьа суна и хьайх лачкъадарна бехк а ма билла, хIинцца цхьа кIира хьалха аса тхешан нене, хьоьга яхийта со, аьлла, шайга алийтича, сан вежарша дуйнаш биъна-кх, яхча мегар а дац, йохуьйтур а яц шаьш, аьлла. – Бусана, ша и дийцича, цхьана хенналц елхаран къурдашка яхана, йист ца хилалуш, Iийра. ТIаккха Бештос: – дIадийцахьа, сеца а ца деш, – аьлча, Бусанас шен къамел юха а дIадолийра:

– ХIинца со хьоьга маре еъча, тхан да а тIехь, уьш массо а, схьахетарехь, со ерал хьалха хIума дийрдолуш бац-кх. Хьо везарна, хьоьга ян а лаьара, тхешан нехан дош кхочушда а лаьара… Суна-м ца хаьа, Бешто, хIинца айса хIун дан деза а.

– Дика ду… хIинца хьайн наха хьо соьга ца йоуьйтий, хууш ю-кх хьо… Цул совнаха, ахьа суна мосуьйттазза, соьга йогIур ю, аьлла, дош а ду-кх делла. Тховса я кхана-сара соьга ян хан юьллий ахь?

– Иштта ма алахьа, – аьлла, Бусана, цкъа соцунгIа а хилла, юха а йистхилира: – Бешто, хIинца ма алахьа, хьуна хьайна а гуш ду-кх хIара гIуллакх, ахь цхьажимма собар дахьара, цхьана бахьаница вайшинна цхьа аьтто бала мегара-кх, тохахьа жимма са, – аьлла, шен шуьйра накха чуозош доккха са а доккхуш, Бусанас шен къамел хадийча, цо и долийчхьана а макхвелла лаьттачу Бештос, боккха къурд а беш, элира:

– Бусана! Хьан наха хьо соьга шайн бертахь ца яийта чIагIо йина. Бакъ ду-кх, Бусана, хьуна хIун ду а ца хууш, тховса-кхана бохург санна цара хьо, хьуна хетаре ца хьоьжуш, шайна хеттачу цхьанхьа маре лург хилар, хьайна со веза а везахь, хьашт а делахь, суна хан йиллахьа, Бусана.

– Ма алахьа!

– КхидIа дан а дац хьуна, юьллу ахь, ца юьллу ахь?

– Ма алахьа! Собар дехьа!..

– Делахь-хIета… цхьаьна Iен гIертачу вайшиннан безамна юкъадоьлларг хьан наха чIагIо яран бахьана а хир ду хила-м, амма и чIагIо яран бахьана шун хьоле сан къен бахам цакхачаррий, сан Iаьржа куьйгаш механа говза цахиларрий а-м ду хьуна… ХIумма а дац, Бусана, сан-м хьуна билла бехк бац. Бакъду, суна хьо езарххий, хьуна со везарххий, суо кхидIа-м ца левойту ас, – аьлла, лаьтта хьажначу Бештос, шен когашна юххехь Iуьллу чамхалг схьа а эцна, «тIаьххьара а цкъа хьажа соьга» аьлча санна, Бусане а хьаьжна, «Ма! Ма! Бешто!..» цо боххушехь, шен карара чамхалг, хадош, юккъехула шиъ а еш:

– Кху тайпана хаьдда, кхин хоттадала йиш йоцуш, тахана дуьйна дIадели-кх вайшиннан гIуллакх, – аьлла, шен карара ши дакъа хилла чамхалг охьа а тесна, Бешто, шен ненан докъа тIаьхьа хIоьттинчу кIантачуха корта а оллийна, дIаволавелира.

– Бешто! Ва Бешто! Ца даьлла хьуна вайшиннан гIуллакх дIа! Юхаверзахьа! Хезий хьуна, Бешто? – аьлла лен яьлла Бусана, нахана хазарна ца кхийринехьара, шийлачу маьхьарца тIаьхьа екар яра. Бусана, нехан аларх ца кхийринехь, Бештона тIаьхьа хьодур яра. Иза хьанна а хуур дара цуьнан кхохкаяларх а, цуьнан эгочу дегIах а. Цунна Бешто везий хуур дара, цуьнан даг тIе куьг а диллина, ладоьгIча, цу ладегIа хIоьттинчунна карор дара цуьнан жима дог, куьйрано лаьцча детталун олхазар санна, деттадаларца, цуьнан шуьйрачу некхах леташ. Цуьнан керлачу цIийна Бештон цIийх эн лаьий хуур дара, дала меттиг боцуш, цуьнан дегIан пхенашкахула юткъа тулгIе етташ, хьийза цуьнан керла цIий гича.

Бусана ехха лаьттира Бештона тIаьхьа хьоьжуш. Цуьнан бIаьргех оьху даккхий, мела хин тIадамаш цуьнан горгачу беснеш тIехула керчарца охьаоьгура. Бешто, кхин юха хьаьжна кхуьнан дог дика ца деш, къайлавелира.

Бусана, шен хих буьзна бIаьргаш цкъа чIогIа хьаббина, хи охьа а даьккхина, меллаша охьакхевдина, хийистерчу жагIи тIехь ши дакъа хилла Iуьллу чамхалг схьаэца, шен деллачу беран бедаре хьоьжу нана санна, цкъа леррина еха цуьнга а хьаьжна: «Иштта-м хирг хир дац. ХIан-хIа, тхойшиъ иштта къаста-м йиш яц», – аьлла, меллаша и чамхалг охьа хецна, ца догIучу дагца, набарна санна, ойланашна хьегIаш, меллаш шен кIудал хих юьзна белша тIе а яьккхина, дайчу боларца цIа яхара.

 

                                                                  

                                                                  IV

 

Бусанин да Хизар – наха къонах ву а олуш, нахана юккъехь дош а лелаш, къаьсттана чIогIа уьйр совдегаршца а йолуш, ша а дика таро йолуш а волуш къена стаг вара, ханна 60 шо хирдолуш. Иза лохачу дегIахь вара, газанан маж а йолуш. И жима кIайн маж цо наггахь бен ца лоргура, тIеяларна иза башха чехка йоцу дела. Хизарна вуно шера хаьара, наха шена къонаха ву олий. Иза даима шен цIе яккхар нахалахь даржар алсамдалар лууш а вара, цуьнан ойла чIогIа еш а вара. Наха шена «дика къонаха ву», «дика стаг ву» аьлча, Хизар хьанна а шен ницкъ кхочу гIуллакх деш а, дийрдолуш а вара, кисанна зен доцуш иза хилчахьана. Хизарна наха къонаха ву алар хIара массо адамал майра волушший, къечу стагах кхо къинхетам бешший, шена халахетийтича стаг кхуо вуьйшший, шен доьзалшна лууш дерг дешший, царна бан богIу там кхуо бешший, хIара бIаьрмециг воцушший дацара. И дара хIара шен дош кхочушдеш хиларний, нохчийн Iадат кхуо чIогIа леладарний, дин кхуо дика леладарний.

Хизарна хьал а дезара, наханачул дукха аьлла, делахь а кхуьнан кIорггера механ говзалла яцара, говзалла яцахь а, Хизаран кIа ору машен а яря, хIора шарахь даа а, дохка а кIа а доккхуш, цул совнаха, кхуьнан уй доху чарх а яра, шиъ хьер а яра. Хизар, кхунна шений дайна, хIумма а хала вехаш вацара. Иза, ша къена велахь а, вижина ца Iуьллура, шен кертахь дан хIума доцуш ша висча, шен хIера а воьдий, хьархочуьнца цхьаццанхьа Iитталуш воллура. Дан хIума доцуш ша висча, кхуьнан сагатлора. Мичча хена а арахь бан Iаьржа болх-м бара кхунна, делахь а кхуо и бан-м ца бора. Цу балхах кхуьнан тоххара догдаьллера. Кхуо арара болх ца бен хIинца итт шо кхаьчнера. Кхуо хIинца а арахь ялта ден-м доьра – бархI уьрда тIе хьаьжкIаш а, итт урд кIа а, амма и ялта кхуо, белхий бой, я мехах чудерзадойтура. Итт шо хьалха Хизар арара болх гIеххьа беш вара, и болх бан шен гIирс кIеззиггий, ледарий хиларна. Кхуьнан цхьа ирс хилира – хIинца а кху юьртахь наха ма-аллара, хIора йоI хаза кхуьуш хилар. Кхуо Бусане нийсса хаза хьалакхиъна шен ши йоI таронаш йолчу нахе маре яхийтира. Цу наха кхуьнан ши йоI, кхунна хьеста а луш, йига а йигира, и шиъ юьртахь гIараяьлла хаза хиларна. Ша уьш маре луш, Хизара цаьрга, шуна лаьий, ца лаьий, аьлла, хеттарш ца дира, уьш а, дас аьлларг ца дича девр дац шаьш, аьлла, Хизарна, чIогIа са а туьйсуш, лоьхуш карийнчу маре бахара, шаьш реза ца хиларна тийжарца белха а боьлхуш. И ши йоI маре яхна, Хизарна дукха ахчанца там беара. Цу томех кхуьнан бахам дикка айбабелира. ТIаккха дуьйна Хизар, шайн захалшца чIогIа уьйр а тесна, меха велира, цул тIаьхьа дукха хан ялале кхуо кIа ору машина ийцира, цо дикка пайна шена тIебеъча, уй доху чарх йиллира, цу чархо а кхунна дикка тIе хIума еара, тIаккха дукха хан ялале кхуо хьер а йиллира. Мухха а, Хизаран бахам хIетахь дуьйна тIаьхь-тIаьхьарчу дийнахь айалуш, стамлуш, толуш схьабогIура.

ХIинца шен карахь йолчу Бусанех а чIогIа воккхавеш вара Хизар, иза а цхьана совдегаре дIанисйийр ю ша, бохуш. Цунна Бусана вукхушина йоIал а чIогIа хаза хетара. ХIара хIумма а шек вацара важа ши йоI бахьанехь шен гергарло тасаделлачу совдегарел Бусана юьгуерг шозза а таро йолуш хир вац аьлла. Хизарна, араволуш а, маьждиге воьдуш а, Бусанех шен бIаьрг ма-кхийтти, сурт хIуттура совдегарш болчу баккхийчу а, кегийчу а наха детин, дешин ахчанах дуьззина тIоьрмигаш шега кхийдош: «ХIан, хIара деши ду хьуна! ХIан, хIара дети ду хьуна! Рема езий?.. – Рема ю хьуна! Жа дезий? – Жа ду хьуна! Терзан тIе яккха хьайн Бусана, цо ма-уззу детий, деший, даьхний ду хьуна! Хьуна дезарг кху дуьненахь хьан ду-кх! Схьалохьа Бусана, дIаэцахьа дети! ДIаэцахьа деши! Хьо а, хьан керт а оха детица кхолур ю, Бусана оха дешица кхолур ю», – бохуш.

И сурт шена дуьхьалтесча, Хизар, шега ца ягIахь а, йовхарш а йой, хазахетарца дагах гилгаш а дуьйлуш, ша гуттар а ма-диллара, тIехьа ши куьг а дуьллий, шен гIуллакхе дIавоьдура.

Бусана хитIара чуйогIуш, Хизар шайн доккхачу сирлачу цIа чохь ламаз оьцуш воллура, нарана йисте а хиъна, шен дуткъийчу пхьаьрсийн гоьлел лакха доккхуш, Iаьржачу гIовталан ши пхьош хьала карчийна, пхьаьрсаш дилина а ваьлла, ангали санна, лепачу шен баьшначу коьртан хьаьж тIе хи хьокхуш воллучу Хизаран, пхьаьрсах кIудал а тесна, чуяьллачу Бусанех бIаьргкхийтира. ТIаккха кхуна цIеххьана дуьхьалтесира кIайчу куьйгашца шега детин, дешин ахчанах дуьззина тIоьрмигаш кхийдош. И шена дуьхьалтесча, кхунна хьаьж тIе хи хьокхуш ша доьшуш дерг дицделира, хIокхо – оллохIум… шаIари… оллохIум шаIари…оллохIумма хьарим шаIре! – бохуш, юх-юха доьшуш, иза вуно хала дийшира. Хизарна Бусана бахьанехь шен хьал алсамдалар лаахь а, Бусанина башха вон маре нислойла ца лаьара, цо кест-кеста олура: «Хьал долуш а волуш, Бусанина гIеххьа жима а волуш, цхьа стаг нислахьара, сан гIуллакх вон хир дацара… Амма, бакъдерг аьлча, хьал алсам а долуш, динна дика а волуш стаг нислахь, и къена варий, чолакх варий аьлла ца Iаш, ас Бусана дIа-м лур ю… ХIунда? Дуьненахь Бусанина хьега дика а хирдолу дела, къематан дийнахь и декъала а хирйолу дела.»

Бусана, неIара юххехь могIара лаьттачу кIудалшна юххе шегара кIудал охьа а хIоттийна, тховх кхозу баьццара лампа а латийна, шайн оти чу яхара. Оти чохь Iаьржа яра, куьйгаш хьоькхуш, кора тIе а яхана, Бусанас кху чуьра лампа а латийра. Кху чохь цIеххьана серлаевлира, сен сурт тIехь а долуш пенах боллучу куза тIехула кхозу кхелина туррий, кхелина нохчийн тапчий, кхелина шаьлтий. Оцу заманчохь кхарна генадоцчу жамIатан маьждигехь маьркIажан молла кхайкхира: «ОллохIу акбар!.. ОллохIу акбар!.. ОллохIу акбар!..» – аьлла. Логера веттанаш дIадохка ца ларош, Хизар  шен къеначу боларца маьждиге хьаьдира. Арахь маь-маьIIехула чехкачу боларшца ламазе оьхуш гуш Хизар санна а, цул къена а, кхин баккхий а нах бара.

 

 

V

 

Бусанин ВахIид, Хьасан боху шалавина ши ваша шайн хьераш тIе вахана цIахь вацара. И шиъ цIахь волуш Бусанас цкъа а шен пондар ца озабора, цу шиннах бехк хеташ. Тахана и шиъ цIахь а воцуш, Хизар маьждиге а вахана, ша паргIато хетта Бусана, шайн оти чохь цкъа нара тIе бертал а йоьжна, Бештон, шен хиллачу къамелан ойла а йина, кора тIехь лаьтта кехатан пондар схьа а эцна, и лакха йолаелира. Цо лоькхург гIийла йиш яра. Цо лоькху йиш Бештона лоькхура:

 

Хьо гIийла вацара суна гергахь,

Хьо везар алсам соьца ду,

Хьашт дацара суна сайн нехан кхел.

ХIун де аса, Бешто? Догдоьхна йиси.

Хьо бен ма вацара сан дог лаха,

Хьо бен ма вацара сан чарх Iехо,

Сайн наха бина барт хьашт дацара суна-м,

Елла яла со, хIун де ас, Бешто?

Хьо къен ву, бохуш, бIаьргаш хьуна къерзадо,

Совдегар вац, бохуш, хьо юьстахтуьтту,

Сан гIийлачу дагана совдегар хьо вара,

Сан мерзачу синна дерриг деши хьо дара.

Хьох яьлла со йисахь, лаьттан кийра гIойла,

Хьох къаьстина со йисахь, марчош юкъа юьллийла.

 

Бусанас ехха лийкхира и йиш, цо, пондар охьа а биллина, шен хих буьзна бIаьргаш а цIанбина, нара тIе бертал а йоьжна, юха а ойла йира, тIаккха, бадуев охьа а хиъна, ша-шега элира:

«ХIун хуьлура-теша сан дена а, вежаршна а, со Бештога маре яхийтича? Бешто къен хилар бен, стаг воцуш а ма вацара, гIиллакх а цуьнца чIогIа ма дара, нахаца тIекере а цуьнан чIогIа ма яра. ТIе, нах а безаш, чIогIа догцIена стаг ма вара и.. Ма суна хьашт дацара-кх цуьнан доцу даьхний, хьаллий, и ша сайна хилчахьана. Болх цуьнга балуш бу, соьга а иза балур бара, тхаьшшинна хаза болх а беш, деха долу тхойшиъ хIунда ца кхоьтуьйту-техьа кхара вовшах?». Бусанина шаьш итт шо хьалха хьегна хало ца йицъеллера. Кхунна вуно шера хаьара, шайн да хьалдолуш шен ши йиша бахьанехь хиллийла, кхунна кест-кеста дуьхьалтосура – кхо бутт юкъа ца болуьйтуш, шен ши йиша Хизарас маре луш, и шиъ, ша жима йоллушехь, шена тIе а етталуш, тийжаш, елхар. И сурт шена дуьхьалтесча, Бусана кхералора, кхуо наггахь ша-шега олура: «Со а, и шиъ санна, юхкур ю-кх сан дас». И дешнаш Бусанин даго хьоьхуш дара. ХIинца, ша Бештога маре лур яц аьлла, шен вежарша дуйнаш биъчахьана, Бусана гуттар а чIогIа тешна яра, и дуйнаш цара шен ден а бертахь баарна, шен дас ша а цхьана совдегарна йохка мега, аьлла. ХIара цу гIуллакхан ойла чIогIа еш яра, масийтта зудчух дагаяьллера, Бештога хIун дича яхалур яра-теша ша, шайн нах бертахь а болуш, аьлла. Дукхахболчу зударша кхунна жоп делира: «Хьайн наха аьлларг ахьа ца дича, яла а, йола а меттиг хир бац хьан», – аьлла. Цхьаболчуша элира кхуьнга: «Маре дац, шен везачу стагца дацахь. Хьуо ехь а, хьайна а везаш, хьо а езашволчу стаге маре гIо хьо», – аьлла. И къамел Бусанина чIогIа товш а, дезаш а дара. Кхуо наггахь олура: «Со юьйр елахь а, гIур ма ю со Бештога». Амма цIеххьана ВахIида шена шаьлта ойуш сурт а хIуттий, «нохчийн Iадат ду-кх стаг атта вуьйш, юьйр ю-кх со кхара, бежнахчул башха къа ца хеташ», – олий, Бусана, шина а куьйга корта а лоций, елха хуура.

 

 

VI

 

Арахь гIеххьа Iаьржа яра. Стиглахь наггахь гуш седарчий а дара. Байн хьоькхуш мох а бара, цо хазош юьрта йистехь а, эвла юккъехь а летачу жIаьлийн гIовгIанаш а яра, наггахь хезаш берийн маьхьарий а дара.

Ламазера арабевлла баккхий нах шайн молла а, Хизар а юкъахь маьждига хьалха лаьтташ бара, цхьацца къамелаш деш. Дикка лаьттира уьш цу тайпана. ТIаккха дIасабекъабала вовшашка куьйгаш луш, куьпан молла вистхилира:

– Хизар хьо дIа ма гIолахь, хьоьца дан жимма къамел ду хьуна сан.

– ХIоккхуза соцу со-м, – аьлла, Хизар, жимма сехьо а ваьлла, сецира. ТIаккха шен къамел дан молла шена тIевеъча, Хизар юха а вистхилира:

– ТIеян йоллучух тера ю вайна, тхан цигахь дан мегар дацара ахь хьайн къамел? – аьлла.

– Дика мегар ду, – моллас аьлча, Хизар и, молла а эцна, цIехьа волавелира.

ХIара шиъ чу кхаьчна, нара тIехь чучча когаш а бехкина Iен дукха хан ялале Бусанас, кхаьрга цкъа куьйгаш а дилийтина, кхарна хьалха къорза шаршу тесна, чIепалгаш деара, юха дехьа чу а яхана, зезаган сурташ тIехь долчу стаканаш чохь шекаран чай деара. ЧIепалгаш Хизиран дааршлахь уггаре хаьржина даар дара, уьш мерза хеташ а, шен цергаш яцарна даа атта хеташ а.

ХIума йиъна ваьлча, кху шимма шаьшшиннан хьена куьйгаш маьхьсийх хьаькхира. ТIаккха моллас: «Элхьамду-лиллахIи-раббил-Iаламин!» – аьлла, куьйгаш айича, цунна тIаьххье куьйгаш Хизара а айира. Шаьш доIа дина ваьлча., Хизара – «хIорш дIаяха!» – аьлла, мохь а тоьхна, схьаеанчу Бусанас кхарна хьалхара пхьегIаш дIаехира.

ХIара шиъ цхьацца къамелаш деш дикка Iийра, тIаккха моллас, шен даьIахкийн юьхьа тIера лергинчу кIайчу можах куьг а хьаькхна элира:

– Хизар! Сайн хьоьца долу гIуллакх дийцича хIун дара-теша ас?

– Дийца, дийцича бакъахьа ду.

– Ас хьайга аьллачунна ахь цкъа а дуьхьало ца ярна делахь а, я цхьа пайда боцу гIуллакхаш ца лоьруш хьо вуьззина къонаха а, нохчо а хеташ делахь а, суна тIедиллина цхьа гIуллакх ду-кх, хьоьга хьахо со декхарийла вожош, масала, ахь суна и дийца пурба лахь.

– Хьуна пурба ца делча сан-м йиш яц, молла, пурба ду хьуна, дийца хьайн гIуллакх, – аьлла, Хизар велакъежира. «ХIо…ОххIо…хIо…», – аьлла, йовхарш а йина, цIен басар хьаькхначу цIенкъа гIеххьа туй а кхоьссина, моллас шен къамел дIадолийра:

– Хизар, и жа долу Маса ву-кх хьан йоIе безам болуш… цкъа шуьга а веана, хьан сискалах ша кхетарна, хьох чIогIа бехк хеташ вара иза. Вайна ма-хаъара, иза, хIара вайн ахюрт эццал жа а долуш, лелош мах а болуш, хIокху юьртахь массарел таро йолуш а, дика стаг ву. Динца а иза молланашка нийсса чIогIа ву, тIе, ша нахана новкъа ца гIерташ, эсала стаг а ву. Цхьабакъду, шун йоIана дика хетар доцуш цхьаъ ду – цуьнан бухахь зуда хилар а, боккха доьзал хилар а, и къено хилар а. Иза а, суна хеташ, хIумма а новкъа дац-кх, хьан йоIана дуьненахь хьега дика долу дела, тIе, Маса шеца дин чIогIа долуш хиларна, хьан йоI эхартахь декъала а хирйолу дела. Хизар, со юкъара ву хьуна, хьан йоIана цо шен доьзаллий, зудий новкъа хуьлуьйтург цахиларна. Баккъалла а бакъду хьуна Маса хьан йоI дукхаезаш а, хьоьца долу гергарло дезаш а хилар а. И гIуллакх дара-кх со хьоьга ала воллург а, суна чIогIа тIедиллинарг а. ХIинца ахь цу тIехь сайн юьхькIаййийр ю моьтту суна, баккъал аьлча, ас хьуна тIедеана гIуллакх-м хьуна зенехь а дац. Маса-м захало хила дезаш а, хила мегар долуш а бакъахьара стаг вай, – аьлла, моллас, жимма вела а къежна, шен кIайчу обанан тIам чухула агIорхьара мерах а хаькхира.

Моллас дуьйцучуьнга ладоьгIуш, ойланашка вахана Iачу Хизарна цкъа дуьхьалтосура 55 шерера волу Маса, шен баьллачу бIаьрга тIе куй а тоьттуш, шен ехачу Iаьржачу можа тIе куьг а хьоькхуш: «Хизар, хIинца дуьйна мах а, кхидолу гIуллакхаш а цхьаьна лелор ду вайшимма, кху пхи эзар жах хьайна луъург дан хьуна бакъо ели ас», – бохуш. ТIаккха дуьхьалтосура кхунна Бусана, бIаьргаш а цIийбина: «Иза-х, сан денда хила а мегар долуш, воккха стаг ву, цу бIаьрг баьллачу жIаьле ахь со хIунда ло? Аса айса-сайна-м тухур ю хьуна», – бохуш, шийла мохь хьоькхуш.

«Хизар, хьо ма чIогIа гIелвели», – аьлла молла юха а вистхилча, охьатаьIна Iен Хизар, набархаволу стаг санна, хьала а таьIаш, «со бах ахь? – аьлла, шен коьртара лекха Iаьржа куй дIа а боккхуш, юха а вистхилира:

– Молла, и-м харцахьа гIуллакх дац. Делахь а, хIинца хIара гIуллакх дохьуш сайна дуьхьалвеанарг хьо воцуш кхин хилча, ас йоIе а хаттийтина бен дийрдоцуш-м дара. Хьан юьхь ца йича тхо девр дац, тхуна тIехь декхар ду хьуна лиънарг кхочушдар. Молла! Масина и йоI боху шайтIа резадацахь а, хьан дуьхьа со и гIуллакх деш ву-кх.

– Делахь, хьайн йоI Бусана Масе маре яла суна дош ло-кх ахьа, Хизар?

– Ло-кх аса хьуна, молла, и дош.

– Дела резахуьлда хьуна! – аьлла, молла хазахетарца жимма велакъежира, цунна дуьхьалтесира Масас, хIара гIуллакх кхочушхилахь, шена лур ду аьлла итт туьман кехат, хIинца Масас, вела а воьлуш, шега схьакхийдош. Цул тIаьхьа моллас «хIо…-оххIо…-хIо…» – аьлла, йовхарш а йина, кхин къамел долийра, тIаккха, дукха хан ялале пхьуьйран ламазна кхайкха деза шен, моллас а аьлла, хIара шиъ, ламазе воьду, аьлла, аравелира, пхи минот ялале молла кхойкху а хезира:

– ОллохIу-акбар!.. оллохIу-акбар!.. оллохIу-акбар! ОллохIу-акбар!

И кхойкхуш волу молла шена хуьлудолчу итт туьман кехатах воккхавеш вара. Цо ол-олург а олуш лаьтта Хизар а хIара керла захало бахьанехь шен гуллундолчу хьолах воккхавеш вара, шена и захало бакъахьа хетар моллех лачкъа а дина.

Тховсалера пхьуьйра хан кху шинна воккхавер дохьуш хIоьттинехь а, цхьа адам халла дечу къурдашца гIийла тийжо мегаш-м яра. Масане стаг хир ву, шена дика болх хилчахьана, шен гергара цIий хеназа, маьIана доцуш дукъадаларх бен ца хеташ… Иштта адамаш дан а ду, уьш Нохчийчохь къаьсттина дукха а ду.

 

 

VII

 

ШолгIачу дийнахь Бусанина шен ненехула хиира, ша Масега маре яла Хизара дош деллий. Бусана, шега и дийцича, мохь а хьаькхна, оти чу а яхана, ехха йилхира. Иза, цхьа цомгуш стаг санна, хьегIаш йисинера, цуьнан бос макхбеллера. Иза, цкъа а ца елаелча санна, елаялар хIун ду ца хууш санна, олла а елла йисинера. Цо кест-кеста: « Хизарас дош-м делла, со гIура-м яц Масега. Аса айса-сайна тухур ю, со цуьнга лахь. Со кху дуьненахь ехар яц, суо цу къанделлачу гужамана йохкахь»

Бусанина дийнахь а, буса а гIена къоьлах а дуьхьалтуьйсура къена Маса, «Бусана! Схьахилахьа, суна-м хьо, хIинца санна, гуттар а дукхаезар яй. ДIа ма гIертахьа, ма гIертахьа дIа. Кху дуьненахь хьуна дезарг хьан ду-кх… Оцу вайн пхи эзар жан да хьо ю-кх» – бохуш, къеначу Масас шен хебаршка ихина, тIера кховраш дийлладолу куьйгаш шена тIекхийдош. Оцу тайпана сурт Бусанина кест-кеста хIуттура, хIара, кхералой, мохь а хьокхий, Iадийча санна юьсура.

Бусанас шен ненехула Хизаре дIахаийтира ша Масега гIуриг цахилар а, цуьнга яха шена цалаар а. Хизар цу дешнашна чIогIа оьгIазваханера, цунна дагадогIура: «ХIун, сан дош кхочушший!» дийр ду! Сан дош доха йиш яц! Сан наха юккъехь лела деза. Сан нахе сайна тIе пIелгаш хьежадайта йиш яц!»

ХIинца Бусана хIитIа а ца йоьдура, шайн кел ара а ца йолура. Иза, лаьцна стаг санна, гIайгIано лаьцна, чохь йиснера, дийнахь а, буса а бохург санна елха а йоьлхуш.

Хизара Бусана Масе маре лур ю аьлла ши кIира даьллачу заманчохь, цхьана дийнахь, туьха а туьйсуш, кхекхий шайн кертахь малхе туьйсуш воллучу ВахIидний, Хьасанний, шаьшшиъ цецвоккхуш, шайна чуьра шийла мохь хезира: «Вай, Везан Дела, ас хIун дийр ду!» – бохуш.

ХIара шиъ, хьала а иккхина, шайн чу хьаьдира, шаьшшиннан хьаладина пхьуьйшаш охьа а керчош. И шиъ хIинцца меракIелош Iаржъелла йогIуш вара, хьанна ткъатткъа шо сов хирдолуш, кIайчу аматахь а волуш, тIехьаьжча, ханна а Бусанин ши ваша вуйла а хуурдолуш, Бусанин санна, Iаьржа бIаьрг-цкъоцкъам а долуш.

Шайн оти чу ваьлча, ВахIидний, Хьасанний, нара тIе бертал а йоьжна, шийла мохь хьоькхуш Бусана а гира, шен кегийра бIаьргаш а цIийбина, цунна улло лаьтташ шайн къена нана а гира.

Бусанина хIинцца  шен нанас Амантас дийцинера, тховса и Масина дIайига нах богIу, аьлла. Бусана цу дешнаша ягийнера, иза чIогIа холча а хIоьттинера. Бусанас, шен ден дош кхочушдийр дац ша, бохуш, ен дуьхьало а, и тховса юьгийла а хуушволу ВахIид, Бусанина тIекхетта, пхьарс а лаьцна, охьа а хаийна, тIечевхира:

– ХIун хилла хьуна, ва вир? Стенна цIийза хьо… Иммансиз!.. ас хIокху Делан сохьта партъаьлла и са доккхур ду хьан! Сацийта!.. Сацийта, бохий ас-м хьоьга, ва гIам!

– Дош дан а, КъорIанара, дацара хьан корта, хьовззийна, схьа ца баьккхича, – аьлла, Хьасан а тIечевхира.

Кхеран нана Аманта, шен кIенташка йистхила а ца яьхьаш, меллаша ара а яьлла, дехьачу а яхана, шен йоIана хуьлчу ницкъана елха хиира.

Бусана йоьлхучуьра тийра. Амма цуьнан бIаьргех оьху хиш совца-м ца туьгура, уьш тIаьхь-тIаьхьа луьста оьгура. Кхунна Бешто а, цо шега баьхнарг а дуьхьалтуьйсура, хIара чIогIа дохкояьллера, тоххара Бештога едда маре ца яхана. Бусанас шен дас Масега маре яла дош деллачул тIаьхьа а ехха ойлайира. Бештога едда маре яха, амма, вежарша ша ерна а кхераелла, Iадда-м Iийра.

Бусана чеха а йина, араваьллачу ВахIида Хьасане элира:

– Тховса хIара дIайига уьш схьабагIахь, кхуо цхьа юьхьIаьржоярна кхерам бу, и кхекхий дIаса а листина, йиттина а, човхийна а, хьаьстина а, уьш бахкале, Бусана кечъян еза вай.

– Тховса билггал бахка мукъана а богIий уьш? – аьлла, Хьасан вистхилча, ВахIида юха а элира:

– Тховса бахка-м муххале а богIура уьш. Билггал бакъ ду хьуна, Хьасан, Бусана цаьрга яха а ца йоьдуш, цо вай тховса юьхьIаьржахIиттадахь, ас и ерал хьалха хIума дийриг цахилар…Айхьа ойла ехьа. Хизара делла дош цо дохийча, ен ца йийна, кхин хIун дийр дара цунна?

– Иза бакъ ду… кхуо дуьхьало яхь, наха вайна дуьйцудерш гуш ду-кх вайна… – аьлла, ВахIидана тIехьа хIоьттина вогIушволу Хьасан, цул хьалха а иккхина, шайн кхекхашна тIе вахара.

 

 

 

http://www.orga-journal.ru/


Источник: http://orga-journal.ru/index.php?option=com_content&view=article&id=170:-1&catid=2:2011-06-20-10-11-22&Itemid=4



Рекомендуем посмотреть ещё:


Закрыть ... [X]

Саид Бадуев - основоположник чеченской литературы » ИА Поздравления с победой для детей

Саид бадуев стих Саид бадуев стих Саид бадуев стих Саид бадуев стих Саид бадуев стих Саид бадуев стих